Этнографически диктант

19.02.2021

Тахана,чиллан беттан ,19-чу дийнахь вайн махкахь д1аехьира,"Бовза,беза нохчийн мотт-"аьлла йолу,этнографически диктант. 

Гуьмсе г1алин лоьмар 12 йолчу, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу юккъерчу ишколо жигара дакъалецира цу балха т1ехь.Нохчийн махках,нохчийн маттах долу хаарш зуьйш,диктант язъйира ишколан лакхарчу классашкара дешархоша,церан дай-наноша.И тайпа белхаш вайн махкахь,къаьсттина,ишколашкахь д1абахьар ч1ог1а мехала,пайде г1уллакх ду.Ненан матте шовкъ, безам кхиорца ду,уггар хьалха, шен Даймахке болу безам кхиор а.Ткъа оцу тайпанчу белхаша мел г1о да къоман иэсс меттахь латторна.